Бехк белахь а, бацахь а...гIуданаш, таIзарш, набахтеш...

КIезиг хIуманаш юьхьар а лоьцуш, даккхий зуламаш могуьйтуш Iачу прокуратурах цецбуьйлу бахархой.

Your browser doesn’t support HTML5

Бехк белахь а, бацахь а...гIуданаш, таIзарш, набахтеш...

Йоккхачу самонца, цхьа элп гал ца долуьйтуш, низамана гIароллехь лаьттачу прокуратуро, кест-кеста, бехк токхаман гIуллакх а долош а, долонза а кIадбоцчу хIуманна а жоьпе ийзабо бахархой.

ТIаьххьара ишта жоьпе озийначех цхьаъ ю яхархо Ахмадова Iайшат. Цунна бехке дуьллуш ду Оьрсийчохь нажжаз йинчу, талорхойн цхьаьнакхетар лоручу ДаIиш тобанан символика интернет машанехь яржор.

Прокуратуран хьостано гIардаккхарца, цунна дуьхьал гIуллакх а долийна кховдийначу бехкаца, цунна 2 эзар соьман барамехь гIуда тоха тарло я 15 де-буьйса набахтехь даккхийта а мега.

Диъ шо хьалха Кемерово кIоштан кхело экстремизман кхайкхам-чулацам болуш лерина иллиалархочун Муцураев Тимуран эшарш бахьанехь прокуратуран белхоша само яр бахьанехь, Нохчийчохь таIзарш динарш ши-кхоъ хилла ца Iа.

Уьш сецор а, царна тIеIаткъам бар а могIарера а гIуллакх а хилла дIахIоьттина кхузахь.Бала безачу могIарерчу нахана тамаше хетарг а, цаьрга кхета цалург а ду, ког баькх-баьккхинчохь комаьршша низамаш талхош а, тIе когаш беттачу суьртехь дуй те аьлла, хьоьшуш хилар тидамза а дуьтуш, мехкан прокуратура ши куьг хаьдча санна Iар.

Масала, кху бовш болчу ГIуран-баттахь, цхьанна-м юххера я генара гергара хиларг доцург, кхин бехке боцу чот йоцуш дукха бахархой лецна ницкъаллин структураша, партал Iаш низамхойн урхалла а йолуш.

«Шайн лаамехь» гуламашка а хIуьттуш наха шаьш махках баьхнарш а, бохуш берш а бийца а ца оьшу. Цхьаболчу тергамхошна хетарехь, Оьрсийчохь прокуратуран белхой а, Iедалехь берш а цхьаьна дIа а божабелла бертахь «къахьоьгуш» бу.

Вуьшта аьлча, боху цара Iедалехь болчаьрца бертахь а боцуш Оьрсийчохь низамхоша болх бойла дан а дац. Ишта хьажам болчех ву соьлжагIалахо Асланбек.

Асланбек: «Кху Оьрсийчохь Iедална реза а боцуш прокуратураша болх хир яц. Шаьш бохург ца дахь, Iедалхоша царна алапа лур а ма дац. Iедална мегаш дерг прокурорана мегаш ду-кх, дацахь цунна а ца мега. Нохчийчохь а ду изза дIо-о коьртехь,урхаллехь а ду изза.

Низам лардеш гIароллехь бу хIорш-м аьлла хан кесталгIа йогIур ю аьлла суна-м ца хета. Хенахь гур долуш хIума дац иза. Кхечанхьа хIуъу а делахь, кху Нохчийчохь хуьлийла лаьар-кх суна нийсо а, бакъо а».

Дукха бахархой тешарехь, хIинцалера Iедал Кремлан урхаллехь мел ду, Оьрсийчохь барта дийцарал сов, нийсонан, бакъонан бух тIехь низам дахаре а дерзийна, маьрша, синтеме зама йогIур ю ала хала ду.