2024-чу шеран лахьан-баттера схьа дуьйна Белгин Iедалхойн дехарца Мехелен гIаларчу набахтехь лаьцна латтош ву Къилбаседа ХIирийчуьра гIалгIайн къомах схьаваьлла Мейриев Руслан. Орсийчоьно терроризмана бехкевар бахьана долуш шеконаш йу цунах. Оцу хьелашкахь бу Къилбаседа Кавказера дуккха а бахархой – Орсийчоьно дохку бехкаш тергамза дуьтийла йац Европерчу Iедалхойн, кхетийра бакъонашларйархоша.
ГIирман "наиб" вара боху
Мейриев Руслан Оьрсийчуьра дӀавахара 2012-чу шарахь, цул тӀаьхьа даим а Украинехь вехаш хилла иза, оцу пачхьалкхан йахархо йолу зуда а йалийна. 2015-чу шарахь къайлахчу сервисаша бехктакхаман гӀуллакх долийра цунна дуьхьал, терроран вовшахтохараллехь дакъалацарна бехке а вина. Оцу бехкийн тергойира Украинан СБУ-но: Мейриевгара дIадаьккхира оцу пачхьалкхахь ваха бакъо лун кехат, цул тIаьхьа цо шо текхира Запорожьерчу СИЗО-хь, экстрадицин кепехь лаьцна. Эххар а Украинин кхело иза дIахийцира, халкъан депутат, ГӀирмерчу гӀентийн халкъан Меджлисан куьйгалхочо Чубаров Рефата тоьшалла а дина.
Кхерамзаллин ницкъашца йоьзна йолчу телеграм-каналаша йаздира Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша Мейриевна дуьхьал бечу бехкийн чулацамах лаьцна. Сочехь Олимпан ловзарш тӀекхочуш теракташ кечйеш дакъалоцуш хилла ГӀирмера "наиб" ву бохура иза, бехкевира дуьненаюкъарчу терроран "Исламан пачхьалкх" организацица уьйраш латторна.
СБУ-но бехказаваьккхинчул тӀаьхьа а, Мейриевна мухӀажиран статус йуха ца йелира. Украинехь тӀом болабеллачул тӀаьхьа иза дIавахара Финлянди, цигахь дукха хан йалале цунна политикан мухӀажарийн статус йелира. 2024-чу шарахь лахьан-баттахь Швецера шен гергарчу нахехь Iийна, йухавогIучу заманчохь Стокгольмерчу кӀоштан кхелан санкцица лецира иза, Белгин Ӏедалан дехарца.
"Сайн дин а, сайн дахар а Iалашдархьама дIаваханера со Оьрсийчуьра къайлахчу сервисаш коча йаьхкича", -дийцинера Мейриевс тхан редакцига. Цо бахарехь, волонтерашца болх беш хилла ву иза, Дудаев Джохаран цIарахчу лаамхойн тобанна цо гIо латтийна аьлла, тоьшаллаш дан нах а бу.
Къайладаьхьна гIуллакх
Тхан редакцица къамелдинчу PeaceWomen Across the Globe бакъоларйаран организацин Бельгерчу векало Газиева Фатимас тидам тIеуьйзира, Финляндино йелла Мейриевн политикан статус хиларна. "Оцу пачхьалкхо муха йелла тIаккха зуламхочунна статус?", - ца кхета иза.
Мейриев лацаран бахьана дуьйцуш цхьа а билггал бехк кховдийна бац Белгино, ткъа таллам дӀабоьдучу йукъанна лаьцначун адвокаташа комментари ца йо цу гӀуллакхах лаьцна. Чоьхьарчу гӀуллакхийн министралле а, юстицин министралле а латкъам бинера бакъонашларъяран организацеша, амма цунах а кхин пайда ца хилира. Газиевас дийцарехь, кхелан секретариато бен кхетийна бац уьш, Мейриевн гӀуллакхах лаьцна цхьа а информаци йала бакъо йац шайн, хӀунда аьлча, йерриг а материалаш къайлайаьхьна хиларна аьлла.
Бельгин набахтехь латточу Мейриев Руслана мацалла кхайкхийра стохка дечкен-беттан 20-чохь, ша лацарна дуьхьало йеш.
"60 дийнахь мацалла хьийгира цо. Шега кхийдочу бехкашна реза ву аьлла, йа цо куьг ца яздина, цо куьйг йаздина хиллехь, тоххара бехкаш тIечIагIдина хир дара цунна. Хьалха а санна, хӀинца а ша цхьаъ латтош ву иза камери чохь, цуьнан могушалла а хийцайелла оцу хеначохь. Руслана дийцарехь, талламхочо йух-йуха а дийраш цхьа хеттарш ду, леван вуьгучу заманчохь а когех, куьйгех гIоьмаш тухий вуьгу иза, велла дIаваллалц чохь йаккха хан тоьхна тутмакх иза волуш санна", - дийцира бакъонашларъярхочо.
Цо бахарехь, бехктакхаман гӀуллакха йукъахь лелош ду терроризмаца воьзначу цхьана стеган суьрташ, амма Мейриевс чӀагӀдо, оцу суьрта тIехь йа ша а вац, йа уьш шен а дац бохуш. Бехкевечо кхеле доьху, оцу суьртийн экспертиза йар. Дукха хан йоццуш камери чу валийначу фотографо кеп-кепара ракурсаш лоьцуш, суьрташ даьхна цуьнан экспертизина.
Цо ма-боххура, цара цунах Бен Ладен вина-кх
Белгерчу Ӏедалшка шина баттахь дехарш дира Газиевас, ша Мейриевца цхьаьнакхетийта бохуш. Чиллан-баттахь бен тIе ца йитира иза Белгерчу Мехелен гӀаларчу набахтехь волчу цунна. ХӀетахь а мацалла йукъах йаккханза хиллера иза.
"Руслана дийцарехь, цунна тIе ца дохкуш бехкаш дан а дац! Цо ма-боххура, цара цунах Бен Ладен вина-кх! Цуьнан телефон схьайаьккхина, цуьнан контакташкахь болчу нахе йукъ-кара телефонаш йетта полисхоша, Руслан хоьттуш. ХIинца иссолгIа бутт бу иза ша цхьаъ камери чохь латтош волу. ХӀинцалц схьа шен доьзалца зӀене ца волуьйтура иза, цхьа бутт бу-кх цунна телефон тоха бакъо йелла. Шен нене, адвокате, соьга а дийнахь цкъа телефон тоха йиш йу цуьнан хIинца. Муьлхачу Конвенцешна, декларацешна, мухӀажирийн хьокъехь, дискриминацех лаьцначу низамашна куьйгаш йаздина хилла-те кху пачхьалкхо? Со кхеташ йац, оцу кепара мухIажарца лелош долчух", - дуьйцура Газиевас.
Мейриев Русланна дуьхьал даьккхинчу бехктакхаман гӀуллакхна а, цунна депортаци йарна а дуьхьал митингаш дӀайаьхьира Брюсселехь юстицин министраллана а, миграцин урхаллашна а хьалха. Австрехь а, Францерчу Страсбургера Европарламентана хьалха Мейриев Руслан а, кхин а цхьа мухӀажир Хамзатов Сайд-Султан а Оьрсийчоьне дIа ма ло бохуш, доьхура протестхоша.
Хамзатов Сайд-Султан – Нохчийчуьра вахархо ву, карарчу хенахь Австрехь набахтехь латтош ву иза. Бакъоларйархочо, Нохчийн Ичкерия руспубликин арахьарчу Iедалан векал йолчу Дунаева Розас дийцарехь, Хамзатовс дакъалаьцна Нохчийчуьра шолгIачу тIамехь, даймахкахь цунна дуьхьал шайгара бехктакхаман гIуллакх даьккхина. Оцу гIуллакхах лаьцна кхин дерг хууш дац.
Изза, Мейриевн кхолам санна нисделира кхин цхьана нохчочун Албаков Исламан гIуллакх а. Францехь чувоьллина латтийра иза 5 шарахь. Кхело сацам а бале набахтера араваьккхинера иза, цунна дуьхьал тоьшаллаш цахилар бахьана долуш. ХӀинца иза маьрша ву, амма кестта цуьнан гIуллакхехула кхел хила йезаш йу.
Газиевас дийцарехь, таханалерчу дийнахь Хорватехь лаьцна кхин а пхиъ Нохчийчуьра жимстаг ву. ТӀейогӀучу хенахь цигахь митингаш а, акцеш а хIиттон лерина бу бакъонашларъярхой, мобилизаци а йина, Украинина дуьхьал тӀаме хьажорна кхоьруш болчу мухӀажаршна экстрадици йарна дуьхьал. Юристаша а, бакъонашларъярхоша а, диаспорин векалша а динчу гӀоьнца Европерчу пачхьалкхашкахь тховкӀело йоьхучу 15 стагана йан лерина экстрадици йухайаьккхира, амма лаххара а 8 стагана гIо дан аьтто ца белира церан, Оьрсийчоьне дIабелира уьш. Царах хилларх хууш дац, бохура Газиевас.
Цабезам йа ларбалар?
Европерчу Ӏедалша Къилбаседа Кавказерачу нахаца гамо лелош хиларх тешна йу Газиева: "Шайггара кхоьллина, бертаза куьг йаздайтина, ийзош даьхна тоьшаллаш вовшах а детташ, дийнна бехкзузаман гIуллакхаш хIиттадо. Оцу дIахьедаршна йукъатуху скриншоташ, мацах даьхна суьрташ, интернетехь дина хилла къамелаш, тIаккха "террорхошца уьйраш йара" олий туьду. И дерриг а папки чохь хаза вовшахтуху, кечдо, тIаккха Интерполоца болх дIаболабо. Нагахь санна Оьрсийчоьно схьакхачийначу материалашкахь "даIишхо", "сепаратист", йа "террорхо" аьлла, йаздина делахь, оцу хаамашна тIе а тийжаш, оцу сохьта гIуллакхаш схьадоьллу, Оьрсийчохь а санна".
Кавказера мухӀажарш Европерчу Ӏедалша къоман билгалонашца хьийзош бу боху тезис харцйо Оьрсийчуьра мухIажар ваьллачу нохчийн политолого, "Кавказан къаьмнийн ассамблейн" президенто Кутав Руслана.
"Хетарехь, церан шайн лехамаш бу, шаьш кхочушбан безаш. Делахь а, вай иштта боллу европахошна бехк билла йиш йац цу гӀуллакхна, хӀунда аьлча, Европехь инзаре дукха кавказхой бу, къаьсттина нохчий. Уьш Iалашбо, цаьраг доьшуьйту, белхаш бойту", - билгалдоккху цо.
Кутаевс дийцарехь, ур-атталла ишттачу хьелашкахь а адаман фактор йукъара йаккха йиш йац: массарна а ца лаьа кехаташ кего, массарна а ца лаьа оцу гIуллакхан духе кхиа. "Амма бу (Европерчу) пачхьалкхашкахь и тайпа принципиале белхахой, уьш гIерта стаг Iалашван а, цхьана бахьанашца цIера бевддачу нахах кхета а хьийза уьш. Цундела ас кху хаттар тIехь цхьана маьӀнехь дӀахьедарш дийр дацара", - бохуш дуьйцу цо кхидӀа а.
Европерчу кхелаша озабезамаш ца бо, цара цхьаьннан а дехарш кхочуш а ца до, уьш мел лакхарчу даржашкахь болчу хьаькамаша шайга динехь а
Нагахь санна, Оьрсийчоьнан Ӏедалша цхьана стеган хьокъехь бехктакхаман гӀуллакхех лаьцна материалаш шайга хьажийна йелахь, тӀаккха Евробертан пачхьалкхийн Ӏедалхойн иза тидаме ца оьцуш дита йиш яц, чӀагӀдо цо: "Цхьацца нах махкахбахарца доьзна гӀуллакхаш, дера, хила ма-хуьлу. Ткъа полякаша а арабехира шайн махкара, францхоша а бехира. Къаьсттина оцу пачхьалкхийн чоьхьарчу гIуллакхийн министралле цхьана агIор Оьрсийчоьнан бакъоларйаран структурашца воьзна стаг вагIахь, муххале а хуьлуш хIума ду и, тIаккха чIагIло уьш. Амма, хуьлуш ма-хиллара, кхелаш цхьана а агӀор озабезамаш бийр болуш йац, цара цхьаннан а дехарш кхочуш ца до, уьш мел лакхарчу даржхошкара шайга кхаьчнехь а".
Нохчийчуьра бахархой Евробертан пачхьалкхашкара арабахар дуьххьалдIа доьзна ду диаспорица йолу йукъаметтигаш талхарца, аьлла тешна ву Австрехь веха мухIажар, Ичкерин президентан адьютант хилла Исханов Хьусейн.
"Тхо дехачу Европерчу пачхьалкхашкахь цхьа проблема йу – радикализм, ткъа оцу радикалан наха вайн цӀе бехйина. Парижехь, Германехь, Австрехь зуламаш дарх лаьцна дуьйцучу хаамашкахь дуккха а нохчий го вайна. Иза цхьа агӀо йа.
Важа йу, цу пачхьалкхийн низамашца зуламаш лелийна ву боху стаг араваккха йиш йу, толеранталла боху кхетам Европехь хIинца лелаш бац. Доьшуш, белхаш беш болу нах арабохур бац кхара. Дера хIета хьуна Европе схьаван лаьа, кхузахь Iен а, ваха а лаьа, амма кхузахь лелаш низамаш ду, хьан лаамаш бац. Меттигерчу низамашца хьо вогIуш вацахь, тIаккха бехк ма биллалахь", - билгалдоккху Исхановс.
"Бусалба", "бусалба" бохуш вай маьхьарий деттачу хенахь, вай цхьа къевлина йукъаралла йу олий тарло, тIаккха австрихой ца кхета, вай кхузахь хIун лелош ду: "ТIаккха уьш вайх къехка буьйлало, кхоьру. Боллу нохчий мажош охкийна лелаш бу, ур-атталла школе лела кхиазхой а цхьаьна го-кх суна мажошца. Новкъа дагIахь а, интеграци йац. Кхузара схьа ду хIара доллу бахьанаш а".
- Оьрсийчуьра а, Украинера а, Европан пачхьалкхашкара а бакъонашларйархойн тобано Интерполе кхайкхам бинера, Оьрсийчохь а, кхечу мехкашкахь а политикан бахьанашца лецарна кхоьруш цIера бевлла бахархой дIа ма ло бохуш. Буьйцурш бара Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон системехула лехамашка луш болу нах. Бинчу кхайкхамна куьйгашйаздира бакъоларйаран "Вайфонд" ассоциацин цIарах Мадаев Юнуса а, "Гражданское содействие" комитетан кутйгалхочо Ганнушкина Светланас а, "Общественный вердикт" Фондан цIарах Таубина Натальяс а, Украинера экспертийн "Сова" тобанан цIарах Савва Михаила а, иштта Оьрсийчуьра а, Украинера а, Беларусера а, ГIиргIазойчуьра а, Казахстанера а, Германира а, Австрира а бакъонашларйарзоша а.
- Amnesty International организацин бакъонашларъярхоша кхайкхам бира Евробертан пачхьалкхашка, Кавказера мухӀажаршна экстрадици ма йе аьлла, хӀунда аьлча, Оьрсийчохь царна тIехь Ӏазап латто а, уьш нуьцкъала Украинана дуьхьал бечу тӀаме хьийсон а тарлуш хиларна.